Заявление Председателя Кабинета Министров ЧРИ А. Закаева по поводу признания Россией независимости Абхазии и Южной Осетии
От Совета Европы ждут ответа
За фасадом большой политики
 
 
  ENG RUSS
   РАЗДЕЛЫ
   ГЛАВНАЯ
   АНАЛИТИКА
   ПРЕССА
   ИСТОРИЯ/ТРАДИЦИИ
   ДИАСПОРА
   ФОРУМ
   КАТАЛОГ ССЫЛОК
   ОБРАТНАЯ СВЯЗЬ
   АРХИВ
   РУКОВОДСТВО
   ПРЕЗИДЕНТ
   ПРАВИТЕЛЬСТВО
   ПАРЛАМЕНТ
   ГКО МШ ЧРИ
   ИЧКЕРИЯ
   КОНСТИТУЦИЯ
   ГИМН
   ГЕРБ И ФЛАГ
   КАРТЫ
   ВИДЕО / ФОТО
   ЗЕРКАЛА САЙТА
   chechenpress.info
   chechenpress.net
   chechenpress.org
   ВРЕМЯ НАМАЗА
г.Джохар
 Дата: 08.09.2008
 Восход: 4.32
 Солнце: 6.22
 Полдень: 13.05
 Предвеч.: 16.41
 Вечер.: 19.28
 Ночной: 21.04
 Къибла: 13.31

Вадим Белоцерковский

Ясность в рядах Чеченского Сопротивления

  РАЗДЕЛ "АНАЛИТИКА"
   

"Ичкерия" бохучу ц1арах лаьцна

Докка Амагов. CHCHENPRESS. Отдел писем, 18.01.08.

 

Бисмиллах1иррахьманиррахьим!   

Ассаламу-1алайкум лераме махкахой!

Кест-кеста, нохчийн сайташкахь, цхьацца хабараш хеза, вайн паччахьалкхан "Ичкерия" бохучу ц1арах лаьцна. Цхьаболчу "1илманчаша" оцу ц1ердашах этимологеш йо – "Исс латта",  "И ча кхера е", "Эчиг каранаш" ишта д1а кхин а.

Ткъа боккъалла а аьлча, вай оцу дашах мел "муьрг" еттахь а, цхьа а шеца нохчийн кхетам болу дош дац иза.

Амма г1уьмкийн, г1ажарийн, г1езалойн, г1азг1умкийн кхин д1адолчу а туьркийн меттанашкахь шен чулацам даьхнашца боьзна болуш  карабо цуьнан. Масала: "даьхнийн чоь-коь", "не1аран мачаш", "даьхнийн дежийлаш" иштта д1а кхин а.

Цу дашца доьзна кхин долу дешнаш а ду, нохчаша туьркашкара схьаэцна леладеш, масала: "ичча (талла) вахана", "ичиг мачаш" цу тайпа кхин д1а а.

Ас иза х1унда дуьйцу аьлча, иттех шо хьалха, нохчийн Парламенто вайн паччахьалкхан ц1еран маь1на х1у ду хьажа кхоьллиначу талламан тобанан куьйгалхо а волуш, ас болх барна ду.

Тхан тобанан 1алашо х1етахь яра, нагахь и ц1е вайн паччахьалкхана хила хьакъ дацахь, иза хуьйцуьтуш  долу хаттар Парламенте х1оттадан. Оха х1етахь биначу балхах лаьцна  кхузахь дерриг а, дийцалур цахиларна, ма-хуьллу дацдо ас иза.

Б1аьста (дара моьтту суна иза), 1998-чу шарахь Парламентехь нисвеллачу нохчийн къоман президент хиллачу Яндарбиев Зелемхе дийцира оха "Ичкерия" бохучу ц1арах тхайна зеделларг. Ткъа Зелемхас, оха шега дуьйцучох цецваьлла аьлларг ишта дара:  

- Боккъалий? Вайн Делора суна хууш х1ума ма дацара иза.

И къамаьл шеца хиллачул т1аьхьа Яндарбиев З. ч1ог1а реза хилира, вайн паччахьалкхана ц1е хийца езаш хиларна. Билгалладаккха деза, х1етахь "Ичкерия" ц1е Парламенте хийцита оха бина болу талламан болх, Зелемха президент хиллачу, 1996-чу шарахь "нохчийн мехкан ц1арах лаьцна" аьлла, цо биначу сацамна т1ехь, шен бух болуш бара. Ткъа Яндарбиевн З. цу х1окъехь хилла сацам вай боцца бийцича ишта бара:

- ..." Оьрсийн маттахь долу, "Чеченская республика-Ичкерия", нохчийн маттахь; -
"Нохчийн республика-Нохчийчоь" ала дог1у. Оьрсийн маттара, "Чеченская республика" цхьанадог1у - "Нохчийн республика" бохучуьнца. Оьрсийн маттара "Ичкерия", нохчийн маттахь - "Нохчийчоь" ала дог1у.

Цу шинна а маттахь йолу вайн мехкан ц1ераш, шайн юридически, политически, идеологически аг1ора цхьатерра ницкъ болуш ю", бохачу кепара.

Яндарбиев Зелемхан оцу сацамах пайда а оьцуш, вайн паччахьалкхан т1ера ц1е хийца аьлла долу хаттар, оха Парламентехь дийцаре даьккхийра гурахь, 1998-чу шарахь. И ц1е хуьйцуш оьшуш долу депутатан "аьзнаш" а, оха хьалхе цаьрца барт а бина тхан долуш  дара, цара куьйгаш хьалаайдар бен кхин дисна х1ума а доцуш.

Амма и кхаж тоссучу оцу дийнахь, парламенте веъначу Ш. Басаевс дехар дира депутаташка:

 - ...сан доккха дехар дара-кх шуьга, цхьана шарахь мукъане а, и " Ичкерия" бохуш йолу ц1е йитахьара аша, аьлла.

Цуьнан и дехар къобалдеш уггаре а хьалха депутаташка вистхилира, х1етахь, нохчийн Парламентан шоллаг1а вице-председатель хилла волу Тимиров 1ийса. Цо диначу къамаьлана т1ехула, цу хаттарна т1ехь депутаташ бекъабелира. Депутат а, цхьана парламентан комитетан председатель хиллачу Минтаевс Н.:   

- ...ахь х1ун дей Шамиль, кху чу а оьхуш нахана т1ехь "давленеш" ма елахь а олуш.

Ткъа вукхо дуьхьала:

- ...шу сох нийса цакхетта а, бохуш (Дала г1азот къобал дойла цу шинна а.)

Эццахь депутаташна юккъехь и къовсам баларна бахьана долуш, цу дийнахь юккъах диссира вайн мехкан ц1е хийцар.

Делахь а, "Ичкерия" ц1е, дукха хан ялале кхечу аг1ора хийцаелира. Нохчийн Парламенто т1еэцна, "Нохчийн маттахь долу закон" бахьна долуш. Цу законан цхьадолучу ва1даша билгаладоккхуш дара, Нохчийчуьрачу массо а меттиган оьрсийн маттахь йолу ц1ераш, нохчийн маттахь яха а, ала а езаш хилар. И керла закон уггаре а хьалха хьакхалуш дара, вайн мехкан ц1арах лаьцна Яндарбиевс З. шен хенахь бина хиллачу сацамах а. Цунна юккъера, оьрсийн маттахь ала аьлла йолу, "ЧРИ", "Чеченская республика", "Ичкерия" ц1ераш д1а а  йохуш, ткъа "Нохчийн республика", "Нохчийн республика-Нохчийчоь", "Нохчийчоь" аьлла ерш т1аьхьа а юьтуш. 

И  хийцамаш  шайна т1ехь хиллачул т1аьхьа дуьйна, вайн паччахьалкхан ц1ераш ишта яха езаш а яра вай. Кхечу къаьмнаша шайн мехкан ц1ераш, шайн маттахь йохуш ма-хиллара. Масала: "Германия – Дойчланд", "Япония – Иппон", "Китай – Чина", "Якутия – Саха", "Осетия – Алания" и.д1.кх.а.  

Ишта, "Нохчийчоь" аьлла йолу ц1е а ю, ша вайн маттахь а йолуш, вайн халкъо б1ешерашкахь дуьйна вайн махкахь йоккхуш лелаш. Цул а совнаха, цуьнан схьаялар Нохь-пайхамарца (а.с.) доьзна ду бохуш, вайн халкъана ч1ог1а еза хеташ ц1е а ю иза.

Дашна аьлча, дуьненчохь кхин цхьаъ, жуьгтийн къам бен дац, шайн махках –
"Израиль" аьлла, иза пайхамаран ц1арца билгалабаьккхина. И "Израиль" ц1е шайн махкана тилларца цара гайтина, шайн исторйин болам а, шайн схьадовлар а цу пайхамарах дуьйла. Вай цхьанна 1оттар еш дац, я иза иштачохь ян цхьа а бакъо йолуш а дац, делахь а, мел хьалха ваьхна Нохь-пайхамар (а.с.), Израиль-пайхамарал а (а.с.) вай хьоьвсича, эзара шераш хьалха дуьйна гучайолу, нохчийн къоман историн "йохь".

Вай х1ара къамаьл дечохь цхьацца цакхетамаш а хила тарло, ткъа х1унда тиллина хилла вайн махкана и "Ичкерия" бохуш йолу ц1е аьлла? Тохара вай йициначу парламентан тобанна цу хьокъехь гучадаьлларг доцца дийцича ишта дара.

1992-чу шарахь г1азакхаша Россина  керла конституци кечъечохь, цара цунна т1ехь –
"Чеченская республика" аьлла, Нохчийчоь а язъйина  хиллера. Цундела  и конституци цара т1еэцале, Дж.Дудаевс цхьанна ханна аьлла сихонца  тиллина хиллера вай паччахьалкхана и ц1е. Вуьшта Дж.Дудаевна  шена дагаеъна а цахиллера и. Тхуна х1етахь хезначу тоьшаллаша дийцарехь, Дж.Дудаевс вайн махкана тилла тайп-тайпаначу ц1ерийн  харжамаш бечохь, цхьана адаман хьехамца тиллина яра цо иза.

Х1инца х1ара  къамаьл чекхдолуш  вайн махкахошка ала луур дара,вайн паччахьалкхан сацамашца ша яккха ма-еззара якххахьара аша, вайн мехкан ц1ераш аьлла. Ткъа уьш ишта ю: "Нохчийчоь", " Нохчийн республика," "Нохчийн республика-Нохчийчоь", бохучу кепара. Къаьсттина, иза уггаре а хьалха  дан дог1у Нохчийн паччахьалкхан 1эдалан векалша. Хьанна хаьа, т1аккха, цу ц1ерашца, Делан лаамца, юха дан а тарлуш дара-кх, вайн махкара  д1адахна има-беркат, машар-ирс, барт-лерам.

Нохчийчоьнан Парламентан депутат –
Д.Амагов.

P.S.
Дехар ду, ша соьца къовсаме вала луучо "керстан" маттахь ца яздар. Кхин к1оргера дешна а вац со.

 

 

 

назад форум печатать

 

 

Поиск
Google Чеченпресс
ПнВтСрЧтПтСб
Вс
1 2 3 4 5 6 7
8 9 10 11 12 13 14
15 16 17 18 19 20 21
22 23 24 25 26 27 28
29 30
 
 
 Смерть за правду
 Заявление Парламента ЧРИ
 Обращение Исполкома Всемирного Конгресса Вайнахов
 Карающий меч психиатрии
 Запад дает Москве шанс мягко «включить заднюю»
 Жил-был дракон
 Майрбек Тарамов: Империю Зла – за Железный занавес!
 Пресс-релиз Министерства Информации Печати и Связи ЧРИ №16
 Трибунал, да не для тех
 Заявление Председателя Кабинета Министров ЧРИ А. Закаева по поводу признания Россией независимости Абхазии и Южной Осетии
 Империя в преддверии развала
 Заявление МИД ЧРИ
 Чем отличается Южная Осетия от Южной Чечни
 Почему Россия выступает против независимости Косов
 Китай и Россия — одного поля ягоды!
 А.Закаев: «Умар Хамбиев – частное лицо»
 Наша кровь – не водица!
 Зона бедствия – Польша
 «Почему от вас так отвратительно пахнет...?»
 Они усмиряли Грузию
 Чечня и Грузия – два непокорных народа!
 Правосудие должно быть справедливым и скорым
 Интервью Премьер-министра ЧРИ Ахмеда Закаева радио «Маршо»
 Почему Россия и Запад – враги?
 О воре и его горящей шапке
 Заявление Парламента ЧРИ
 Может ли Россия быть миротворцем?
 Кто за всё это будет отвечать?
 Война с Грузией – новая черная пропасть на пути России
 Слово о Грузии
 Осетия – Грузия – Россия: на чьей мы стороне?
 «Каин жил, Каин жив, Каин будет жить…»
 Интервью с Сулимом Юнусовым
 Заявление Министерства Иностранных дел ЧРИ
 Подлость и ложь – излюбленный арсенал российского режима
 Новые постановления Кабинета Министров ЧРИ
 Приглашение в рабство
 Заявление Парламента ЧРИ к 12-й годовщине войсковой операции «Джихад»
 Обращение к Президенту Азербайджана
 Чеченцы в российских тюрьмах
 Призраки войн, бродящие по Европе
 Aхмед Закаев: «Новый российский президент может вернуть ситуацию в русло закона»
 Вымирание населения ведет Россию к скорой гибели
 Имеем ли право?
 Развал правосудия в Чечне?
 «Сортирный детектив» в Хоси-Юрте
 Война не закончена, пока не освобождены пленные
 Крышевание национальных интересов
 Пресс-релиз Министерства Информации Печати и Связи ЧРИ №15
 «Я не выдавал национальные секреты»
 «Каков поп, таков приход»
 Жизнь и творчество в жертву всемогущей психиатрии?
 Кто выбрал путь предательства?
 Чеченские беженцы взывают о помощи
 Мирная Чечня глазами чеченки
 Кто уничтожил русских в Чечне?
 Ренессанс Павликов
 Швеция принимает оборонительные меры против России
 А.Закаев: «Меня не радует, когда чеченцы убивают чеченцев»
 Вот тебе, бабушка, и Медвежья оттепель!
 Пресс-релиз Министерства Информации Печати и Связи ЧРИ №14
 Памяти героев Сопротивления
 Красная зона – 3
 Маленькая победа над большим злом
 А.Закаев: Неотвратимость возмездия защищает от преступлений
 Глас вопиющего в пустыне
 Для чего нужны ваши структуры?
 Кандальный патриотизм
 «Бывают и хуже, но нет подлее…»
 Путинско-медведевские политзэки: пытки и незаконные аресты продолжаются
 Мухаммед Джихад: «Мы будем говорить о результатах»
 От Совета Европы ждут ответа
 Бенойский кинобиеналле
Приговоренные к бессудным казням
Долг лидеров – сплачивать, а не разъединять
А. Закаев: «Правильно сформулированная задача найдет правильное решение»
«Курицы вы, больше никто!»
Парламент ЧРИ утвердил зарубежных Представителей ЧРИ
Обращение Председателя Кабинета Министров ЧРИ Ахмеда Закаева
Заявление Министра Иностранных Дел ЧРИ
Распоряжение Председателя Парламента ЧРИ
А.Закаев: «Проект «Эмират» - это спецоперация ФСБ РФ»
Аслан Масхадов – 10-летие выбора чеченского народа
Ваха Арсанов: смерть и бессмертие
Высокопоставленный «оборотень»
«Там был ад»
Геноцид. Аналитическая записка Минздрава ЧРИ
  Наверх

Copyright © 2001 Государственное Информационное Агентство "ЧЕЧЕНПРЕСС".
При полном или частичном копировании материалов сайта ссылка обязательна. Мнения авторов могут не совпадать с мнением редакции сайта "ЧЕЧЕНПРЕСС". Замечания и пожелания Вебмастеру: адрес